Цхьа дика делла вайна: цхьана меженера гIора дIадаьлча, цунах хаьдда дакъа кхечу межене кхочу. Кулсамера бIаьрса дирзина доьналле, тергамалле, семалле. Са гуш а йоцчу цо ша ехачу Белгехь чекхъяьккхина рогIера институт. Кхузаманан керлачу технологеш евза, уьш кара а ерзийна цо. Маьршша буьйцу Кулсума Ингалсан, Нидерландан меттанаш.
Стигаларниг санна беза бу дагчуьра малх а...
Адамо ойла а ца йо шена хIара дуьне муха го, стенна го, шегара хIун дика даларна гойтуьйту . Ткъа цIеххьана бIаьрсих хаьдча? ...Сатуева Кулсамна 9 шо ду са ца го, амма иза янне а яц бIаьрзе.

5
Тайп-тайпана юурш кечйо Кулсама, оьшшучул барам а хаьа цунна.

6
Ша йолчахь кест-кеста хуьлу хьеший цец а бохуш, цIена латтайо Кулсама шен хIусам.

7
Компьютерца а, кхечу кхузаманан девайсашца гергга ду Кулсаман хьошалла, ша яздо, деша а доьшу цо йозанаш, бIаьрса гург а хьоьгур а волуш.

8
ЭлектрогIирс лелон а институтехь Iамийна Кулсамна.