Цхьа дика делла вайна: цхьана меженера гIора дIадаьлча, цунах хаьдда дакъа кхечу межене кхочу. Кулсамера бIаьрса дирзина доьналле, тергамалле, семалле. Са гуш а йоцчу цо ша ехачу Белгехь чекхъяьккхина рогIера институт. Кхузаманан керлачу технологеш евза, уьш кара а ерзийна цо. Маьршша буьйцу Кулсума Ингалсан, Нидерландан меттанаш.
Стигаларниг санна беза бу дагчуьра малх а...
Адамо ойла а ца йо шена хIара дуьне муха го, стенна го, шегара хIун дика даларна гойтуьйту . Ткъа цIеххьана бIаьрсих хаьдча? ...Сатуева Кулсамна 9 шо ду са ца го, амма иза янне а яц бIаьрзе.

9
Шен лулахь ехачу нохчийн йоьIаца Ясминица доттагIалла леладо Кулсама.

10
Кулсамца цхьаьна дешна нохчо Камал а, оьрси Марина а.

11
Брюсселерчу "Кортрейк" музейхь.

12
Ша ехачу Алст гIалин урамехула цIа йоьдуш ю Кулсам.