ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а тIекхечи беркате мархийн бутт


Нохчийчохь гуш ду нах мархийн бутт кхаба кхечлуш а, и парз кхочуш дан лууш а хилар.

ПIераскан буьйсанна марха лоцуш ду Нохчийчохь. Иза дерриге дуьненахь санна лаца сацам бина меттигерачу диндайша. Мархийн баттахь, хууш ма хиллара, яарца а, маларца а, леларца а, багара йолучу Iаьнарца а цхьацца декхарш ду.

Цхьаболчу мехкашкахь, масала гIалгIайн махкахь малар дохкар дихкина мархийн бутт чекхабаллалц аьлла, амма Нохчийчохь иза дан оьшуш дац, малар духку туьканаш йоцун дела.

ХIора шарахь, даима санна, диканех сатуьйсуш мархийн бутт тIелеци нохчаша. Дахар шайн долчул тIе кхин а талург хиларна шеко яц цхьаболчеран. Iедалша динца бахархой чIагIбеш хиларо шен тIаьхьалонаш еъна - дуккха а кегийрхой бу Далла Iамал еш, бохуш дуьйцу дешначу стага Аюбов Ясраила.

Аюбов: «Хьалха-м Iедало ца кхобуьйту бохуш бахьанаш дуьйцура. Тахана жима а воккха а марханаш кхобуш ву. ЧIогIа кху ДегIастанахь тIаьхьарчу заманахь беркат даьржина. Хьалха цхьа дика Iелам нах дIа а бевла биснера вай. ХIинца Iелам нах а бу диканиш, кегирхой а бу дагахь КъорIан хууш».

Деккъа динца вузура вац стаг. Цунна даа а, мала а деза. Цу тIегIанехь гIуллакх муха ду хьажа Соьлж-ГIаларчу цхьана базаран могIаршка велира со.

Йохкархойн шайн баланаш бу. Миаева Зина цIе йолчу йохкархочо бохура, тIаьхьарчу хенахь махбар дика ца хуьлу шен а, цигахь лаьттачу нехан а.

Миаева: «Котам а, жиижиг а, шекар а, дама а, бепиг а оьцу наха. Шайн марха лаца а, даста а хIума до-кх цара. Хьуна ма гарра, кхин мах дIабоьдуш а бац кхузахь. Туька хиларна Iедална луш болу мах а тIетоьхна тхуна. Ша верриг цунах воьлхуш ву-кх. 16 эззар соьман тIера 30-нна тIе лакхабаьккхинера иза. Оха 20 эзар соьман тIехь мукъане а сацае элира оха. Директоро ша хьожур ву элира».

Базарахь лаьттачеран шаьш духкучу суртсатийн мах тIетоха дезар ду, схьахетарехь бохуш, даккхий синош а догIуш, кхин дIа а дуьйцу йохкархочо Миаева Зинас.

Миаева: «Кху юккъахь ша верриг и аренда тIетоьхна хиларна воьлхуш ву-кх. 25 эзар ас лур-м ду царна, амма суна хIума-м юьсур яц. ХIара мархийн бутт дIа а балийтина, туька дIалур ю-кх ас. Нахана болх бан гIура ю. Цхьа дика доцуш вонига ца хуьлу. Хир дац те цхьа диканиг? Иза хир ду бохуш 62 шаре яьлла со».

Жижиг духкучу павильонехь а деса ду тахана. 3-4 зудий бен яц оцу йоккхачу чоьнех, хьалхахь жижиган дакъош а дехкина хиина Iаш. Уьш а бу мах ца хуьлу шайн бохуш бала балхош.

Жижиг духку зударий: «КIезиг оьцу марха юкъала тIех даллалц. Тхуна-м адам алсам хир ду моьттура. ГIалан юккъерчу базара боьлху дуккха а нах кхуза богIучул а. Оха жижиган мах цкъа а тIе а ца туху, тхуна иза схьадохьучара-м туху 5-10 соьман».

Марха кхаба мел хала далахь а, гуш ду дуккха а нах и парз кхочуш дан лууш буйла. Оцу баттахь алсамдолу маьждигаш чуоьхучу нехан терахь а, цара Деле дечу доIанийн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG