Цхьацца бахьанашца вовшахбевлла доьзалш юхацхьанатохар айдира ши кIира хьалха Нохчийчохь. ХIора юьртахь боьхна зударий, божарий билгал а бохуш, церан барт бар тIедиллира Кадыров Рамзана диндайшна а, Iедалан векалшна а.
Иштта къастабелларг 134 доьзал бара. Царех хIинцале 6 цхьаьнатоьхна.
Шаьш и болх муха бо а, цуьнан жамIаш а Маршо Радиона дийцира Шелан кIоштарчу моллас Аюбов Ясраил-Хьаьжас.
Аюбов: «Цу тIехь болх бан волавелла молла а, шаверриг а. Зуда юха ялош, я бераш гойтуш дац олий, моллина тIебогIу нах. Цо нагахь санна магош елахь - схьаялайо, яцахь - дIаолу иштта. И программа ю Нохчийчохь. ДIадаханчу кIирнах Невран кIоштехь цхьаъ юхаялийра, СаIди-кIотара 10 шо кхаьчна кIант а волуш, 7 шарахь цIахь Iийна зуда а ялийра юха».
Боьхна доьзал цхьаьнатоха чIогIа хала хилар даредо «Зударийн кхиамехьа» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочо Базаева Липхана.
Дукха хьолехь къастарна зуда а, стаг а, хан яьлча, дохкобевлла хуьлу. Царна цхьажимма гIодичхьана, уьш юха а цхьаьнакхета реза хуьлу, юкъахь бераш хилча муххале а, - боху юкъархочо.
Базаева: «Пайда боцчу хIуманна тIехула, яхье а бовлий, дIасакъаьста нах. 10-12 шо даьлча, шу хIунда къаьстинера, аьлла, хаьттича, хийла зуда нисъелла тхуна олуш, дера къаьстинера хьекъал ца хиларна а, уллехь хьехам бан нах ца хиларна а. Цундела ишттачу нахана гIодича, тIаьхьалонна а дика хир ду».
Боьхна доьзал юхацхьанатохар чIогIа меле лоруш гIуллакх ду бусулба динехь. Беррий, наний цхьаьнатохар, ХьаьжцIа вахча санна, деза ду, боху, тоьшалла даладо моллас Аюбов Ясраил-Хьаьжас.
Аюбов: «ХьаьжцIа нах бахначу хенахь, цаьрга аьлла бохура, оццул гена доьгIучул, наний, берашший цхьаьнатоьхча а бу шуна оццул мел, аьлла, бохуш, дуьйцура баккхийчара. Доьзал дика хилча, дин а, ийман а хуьлу. чохь. Нанас ша цхьамма кхобу бер шатайпа хуьлу. Ткъа, да а нана а цхьаьна хилча, кхечу кепара хуьлу».
.